Afleveringen
-
Пропагадистан Соловьеван а Алаудиновн дов а, бохьна доьзалш цхьанатохар а, Сулейманова Седан лерина пикеташ а- цунах а, доцчуху а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 108-чу подкастехь.
-
Нохчийн оппозиционераша дийцина, полисхоша ницкъбина стаг валарх, Немцовн гIуллакхехула таIзар динарг Нохчийчу дехьаваьккхина, Кадыровс дIахьедина керла полк вовшахтоьхна аьлла – цунах а, и доцчух а дуьцур ду шуна Маршо Радион 107-чу подкастехь.
-
Zijn er afleveringen die ontbreken?
-
Нохчийчохь телеграм дIакъовлар, Кадыров Адаман керла совгIат, Мадиев Муслим Интерполон лехамашкара дIаваккхар –кхунах а, и доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радионо хIора кIиранах арахоьцучу 106-чу подкастехь.
-
Нохчийн эскархой украинхошкахьа дехьабевлла, Москвахь леттачу нохчашна хенаш тоьхна, Нохчийчохь кхел йоцуш нах байъарх лаьцна йаздинчул тIаьхьа "Новая газетана"кхерамаш тийсарна бина латкъам Европерчу кхело къобалбина – цунах а, и доцчух а лаьцна дуьйцур ду Маршо Радион хIора кIиранах арайолучу 105-чу подкастехь.
-
Кадыров Рамзана велла дIаваллалц Нохчийчоьнан куьйгалхо хир ву ша аьлла дIакхайкхор а, Соьлжа-ГIалахь лецна латтон украинхойн йийсархой а, нохчийн йолахочунна пхи шо хан тохар а – цунах а, доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 103-чу подкастехь.
-
Кадыров Рамзана, велла дIаваллалц Нохчийчоьнан куьйгалхо хир ву ша аьлла, цуьнан дIакхайкхор а, Соьлжа-ГIалахь лецна латтонукраинхойн йийсархой а, нохчийн йолахочунна пхи шо хан тохар а, – цунах а, доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 103-чу подкастехь.
-
Депортаци йинчу Нохчийчуьра йахархочо кхелехь реабилитацин бакъо йаьккхина, Германехь Нохчийчуьра вахархо лаьцна, “Ахматан” тӀемалоша Белгородехь нехан хIусам эккхийтина, нохчийн оппозиционерийн нанна Мусаева Заремина тоьхна хан дIайахйине.
-
Оьрсийчуьра баьхкина лаамхой Нохчийчохь йийсарехь, Ичкерин политикна Закаев Ахьмадна кхел йар, нохчийн кхиазхочун Москвара гIуллакх – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радионо хIора кIиранах арахоьцучу 98-чу подкастехь.
-
Полицехь Iазап хьегна 19 шо долчу нохчийн кIентан кхалхар, Оьрсийчоьнан неонацистаца "Ахматан" командиран Алаудиновн хилла цхьаьнакхетар, оьрсийн совдегар вен гIоьртина аьлла, Нохчийчуьра латархо бехкевар – цунах а, и доцчух а лаьцна дуьйцур ду шуна хIора кIиранах арайолучу Маршо Радион 97-чу подкастехь .
-
Соьлж-ГӀала доьду пассажиран кема чудожар, Кадыровс шен доьзална а накъосташна а совгӀаташ далар, Бостон-марафонехь теракт йарна бехкевинчу Царнаевн Байденс кхел тӀечӀагӀйар – цунах а, доцчуху а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 95-чу подкастехь.
-
Нохчийн спецназан командирах университетан "сийдолу профессор" хилла, Нохчийчоьнна дронашца доьалгIа тIелатар дина, жигархочун Нохчийчуьра гергара нах лечкъийна – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 94-чу подкастехь.
-
Нохчийчохь – тIом болабелчхьана кхоалгIа дронашца тIелетта, "Ахмат" спецназан командирана Алаудинов Аптина кхин а цхьа совгIат делла, Украинехь тIом боьдучу йукъанна Кадыровс шен т1еман дакъош кхузза алсамдаьхна, ткъа цуьнан йоIа кху деношкахь шен доттагIашна ах миллион мах болу хIазарш делла. Цунаха, и доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 93-чу подкастехь.
-
Кадыров Рамзана украинхойн йийсархойх дина дӀахьедар, Нохчийчохь дронашца дина тӀелатар,Францехь лаьцна Нохчийчуьра бахархой, Австрера кхело нохчийн мухIажаран хьокъехь бина сацам - цунах а, и доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 92-чу подкастехь.
-
Журавель Никитина дина керла таIзар, Нохчийчохь байинчу нахах йелла компенсацеш, Американ талламхойн Яндарбиев Зеламха верах лаьцна хаамаш - цунах а, и доцчух а лаьцна дуьйцур ду шуна Маршо Радион 91-чу подкастехь.
-
Мусаева Заремина дуьхьал айдина керла гIуллакх, нохчийн жигархочо Кадыровна полици арз дар – оцу доллучух лаьцна дуьйцур ду шуна Маршо Радион 89-чу подкастехь.
- Laat meer zien